Горячая линия: +7 (963) 597-62-48
ВЕРСИЯ ДЛЯ СЛАБОВИДЯЩИХ
Новости

Нохчийн Республикин могшалла 1алашйаран министран Алханов Адаман Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

Нохчийн Республикан Мехк-Ден Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан омрица 2007-чу шарахь билгалдаьккхина долу Нохчийн меттан де хIора оханан беттан 25-чу дийнахь даздар хазачу ламасте дирзина ду вайн махкахь.

Мехалчу денца ас даггара декъалво Лараме Нохчийн Республикан Мехк-Да, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, дерриге нохчийн къам а!

Вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (ДАЛА гIазот къобалдойла цуьнан) олура: «Мотт ца хилча, къам а ца хуьлу». Тахана мехкан куьйгалло оьшуш мел дерг до ненан мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а.

Нохчийн халкъан уггаре а коьртачех хазна йу нохчийн мотт. Вайн къомах дIакъасталур доцу дакъа ду иза, бIешерийн Iадаташ а, гIиллакхаш а, ламасташ а санна. Иштта сийлахь мехаллаш ларйарехь йоккха ч1аг1о хилла лаьтташ бу къоман мотт. Цундела вай декхар ду ненан мотт Iалашбар, кхиор, тIекхуьучу чкъурана цуьнан хазна дIакховдор.
Вайн ненан мотт безаш, цуьнан сий а, дозалла а деш, ирсе дехийла вай маьршачу махкахь!