Тахана, 25 апрель, Нохчийн меттан де ду.

Материал опубликован

Вайн мотт хьалха дуьйна г1о деш бу вайна вовше гергарло лелорехь. Ша буьззина хилара бахьан долуш, цуо вайга массо а дахаран юкъашкахь къамел деш г1о дина.

Сан лераме ваша, Нохчийн Республикан куьйгалхо, Росси Пачхьалкхан Турпалхо, Рамзан Ахматович Кадыровс дуккха а къа хьоьгу вайн нохчийн мотт ларбарехь а, кхиорехь а, баржбарехь а. Цуьнан инициативица йина Нохчийн меттан институт, хьехархошна 1илма къорггера 1амо г1о дайтархьама. Д1адаханчу шарахь араелира «Нохчийн меттан нийсайаздаран дошам» ц1е йолу словарь, иза 10 томах лаьтташ йара. Цу т1аьхь нохчийн меттана коьртта бакъонаш а, истори а йара.

Боккъала долу нохчий хилара бахьан долуш, вайн декхарехь ду нохчийн мотт хаа а, лар бан а, т1екхуьучу чкъоьран 1амо а. Вайн матто гойту вайн къамелан а, г1иллакхан а, ерриге а культуран а хазалла.

Хьалхарлера Нохчийн Республикан куьйгалхочо, Ахьмад — Хьаж Кадыровас ма- аллара (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!), нохчийн къам дийна, дехаш хиларан мокхаза ч1аг1о йу нохчийн мотт.

Ас даггара декъалаво Рамзан Ахматович а, дерриге нохчийн къам а, кху дезачу нохчийн меттан денца! Массо а нохчий шен мотт хуаш а, т1екхуьачу ч1оран и 1амо хуаш а хуьлда!

Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац!

____________________________________________
Нохчийн Республикан могушалла 1алашъяран Министр Идрис Байсултанов

Меню